Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Лаьтто шуна шортта ялта лур ду, шун дуккха а даа хІума хир ду, тІаккха шу синтем болуш шайн махкахь Іийр ду. Ткъа шаьш йиина а девлла, дуьзча, Цо шуна делла долчу токхечу лаьттана шайн Везачу Далла хастам белаш». Веза Дела, хастамаш бойла Хьуна халкъаша. Хастамаш бойла Хьуна массо а халкъаша. Лаьтто шен стом белла. Вайн Дела волчу Дала вай декъалдо. Дала вай декъалдо, лаьттара массо а маьІІера адам Цуьнга болчу ларамах дуьзна хилийтархьама. Веза Эла! Хьо сан Дела ву. Аса вазвийр ву Хьо, Хьан цІе хастайийр ю, Ахьа тамашийна гІуллакхаш дина дела. Тоххара дуьйна Ахьа бина сацамаш, Ахьа ма-аллара, иштта кхочушбира. Исраилан халкъ Везачу Эло кІелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кІелхьардаккхарца. ТІейогІучу хенахь цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац и халкъ. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». Кемсаш кхиочара юур ю уьш, Везачу Элана хастам бийр бу цара. Кемсаш лахьочара мер ду чагІар Сан дезачу цІийнан керташкахь».
Выбор основного перевода