Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догІа лур ду, хьалххе догІург а, тІаьхьо догІург а. ТІаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагІар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду. Хаставейша Иза Цуьнан дерриге а маликаша, хаставейша Иза Цуьнан дерриге а эскаро. Ахь ирхдугІур ду уьш, амма мохо дІасахьур ду уьш. Ткъа чІогІачу мохо, довдийна, къайладохур ду уьш. Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду, Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду. Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бІаьста а догІа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“. Ас декъалдийр ду уьш а, Сайн гуна гонах йолу аре а. Ас шен-шен хенахь догІа а доуьйтур ду – иза декъалдаран догІа хир ду. Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гІерта вай. Цуьнан гучувалар, цІийъелла Іуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогІур ву Иза вай долчу, Іаьнан догІа санна, бІаьста деанчу догІано латта тІадор санна». тІаккха а Везачу Элах воккхавийр ву со, суо кІелхьарвоккхучу Делах сакъералуш хир ву со.
Выбор основного перевода