Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Цуьнан Іуьйренан седарчий Іаржделла хуьлийла! Іуьйренан серло ма гойла цу буьйсанна, маьлхан зІаьнарш а ма гойла цунна! Шайга бохучуьнга ла а доьгІна, шаьш лелаш болчу вочу некъа тІера дІаберза мегара уьш. ТІаккха Аса, дохко а ваьлла, цара лелийначу вочунна Айса бан лерина болу бохам царна бийр бацара. ДІасецна Везачу Элан цІа чохь кІен а, чагІаран а сагІа даккхар. Тийжаш бу Везачу Элана гІуллакх деш болу динан дай. Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагІа доккхучу кхерча тІехь гІуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гІуллакх дийраш! ХІунда аьлча шун Делан цІа чохь лелош дац кІен а, чагІаран а сагІа даккхар. «Хьанна хаьа, Дела, юха а ваьлла, вайгахьа верзахь а, Шен нуьцкъала оьгІазло вайна тІера дІа а яьккхина, вай хІаллак ца деш дита мега Цо». Дуй те хІинца а ялтийн чоьнаш чохь хІу? Я кемсийн таьлланго, я инжир-дитто, я нар-дитто, я зайт-дитто хІинца а стом ца беллера. Таханлерчу дийнахь дуьйна Ас шу декъалдийр ду». Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дерриг а чІоьнашна чу, Сан дезачу цІа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тІехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дІайоьллур яц ткъа шуна стигалан неІарш, тІеІанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш?
Выбор основного перевода