Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ТІаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Іедан цІе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра. СхьавогІур ву Вайн Дела, амма тийналлица вогІур вац Иза. Дерриг хІума а дІакхоллуш йолу цІе ю Цунна хьалха, чехкабаьлла мох бу Цунна гонах. Иза вистхуьллушехь, цІоз даьржира, барам боцуш дукха уьш хилира. Церан лаьтта тІера ерриг буц а, кхаш тІехь кхиъна мел долу ялта а дІадиира цара. Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Іедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю. Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла! ЦІеро ма ягийна яьссачу аренан дежийлаш. ЦІеран алуно дагийна аренашкара дерриге а дитташ. Ур-атталла дийнаташа а орца доккху Хьоьга, охьаоьхуш хилла йолу хин Іовраш якъаелла дела, цІеро яьссачу аренан дежийлаш хІаллакйина дела. Цундела, дарцо санна, Ас дІасабаржийра уьш царна ца девзачу халкъашна юкъахь. Царал тІаьхьа и латта дассаделла дисира, цхьа а цунна тІехула дІаса а ца лелаш. Иштта цара оцу хазачу махках бассийна мохк бира».
Выбор основного перевода