Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Аша тІеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тІеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!» ХІунда аьлча вайх хІора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегІ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргІат адамаш делахь а, вайга хІоранга а цхьана Синах малийтина дара. Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргІатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду. Ткъа хІинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КІентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Іийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» – бохуш. Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гІуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.
Выбор основного перевода