Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
И ши турба лекхча, Делан четарна чуволучохь гуллур ду дерриг а халкъ. ЯхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу пхоьалгІачу шеран уьссалгІачу баттахь Ярушалайман бахархошка а, иштта ЯхІуд-махкарчу гІаланашкара Ярушалайм-гІала даьхкинчу массо а адамашка а Везачу Элан хьалха марха кхаба дІакхайкхийра. ДІахІоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цІа долчу. ГІо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле! Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду.
Выбор основного перевода