Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан когаш нийса бара, ткъа коган кІело аьттан берг санна яра, цІандина цІаста санна къегаш а яра. И стаг малхбалехьа дІавоьдучу хенахь, цуьнан карахь юстаран тІийраг яра. Цо цхьа эзар дол меттиг дІаюьстира, тІаккха со цу хи чухула дІавигира. И хи сан хьакхолгана тІе кхочура. Цуьнан дегІ, жовхІар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БІаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цІестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. Цо, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Веза Эла пенна уллохь лаьтташ вара, ткъа Цуьнан карахь санисбийриг яра. Ас сайн бІаьргаш юха а хьалахьажийча, суна хІара гира: шен карахь латта дусту тІийраг йолу цхьа стаг вара лаьтташ. Йохалла юстархьама Іасанах тера болу эрз белира сан кара. ТІаккха соьга элира: «Хьала а гІаттий, Делан цІа а дуста, сагІа доккху кхерч а буста, цу цІа чуьра Далла Іамал ян догІу адамаш а дагарде. Цу гІалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гІаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь.
Выбор основного перевода