Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн доьналла долу цхьа бІе ткъа эзар тІемало цхьана дийнахь тоьхна охьавиллира исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис. Иза хилира яхІудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дІатесна дела. Кемсаш кхиочара юур ю уьш, Везачу Элана хастам бийр бу цара. Кемсаш лахьочара мер ду чагІар Сан дезачу цІийнан керташкахь». Цул тІаьхьа цо ученан ков дуьстира – иза бархІ дол хилира, ткъа цуьнан пенийн гІорторан шоралла ши дол яра. И уче Делан цІийнан ков долчу агІор яра. Кевнна чухула а, церан пенийн гІорторашкахь а массанхьа а дІакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гІорторана тІехь диллина хурма-диттан суьрташ дара. Къилбаседехьарчу некъа тІехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гІишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тІе вигира цо со.
Выбор основного перевода