Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан тІорказ дІахІоттийначу хенахь дуьйна, Везачу Элан цІийнан кертахь Дауда илланчашна тІехь хьаькамаш хІиттийнера. Ярушалаймехь Сулима Везачу Элан цІа дІахІоттадаллалц, Делан гуламан четарна хьалха илланчаш санна гІуллакх деш бара уьш. Шайна тІедехкинчу парзашка хьаьжжина, шайн белхаш кхочушбора цара. Виъ эзар левихо ха деш хир ву, ткъа важа виъ эзар левихо зурманаш лоькхучу гІирсаш тІехь гІуллакх деш хир ву. И зурманаш локху гІирс леррина Веза Эла хасто бина бу». Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цІастанан негІаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гІуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХІайманан а, Ядутунан а тІаьхьенах берш. Шайн-шайн гІуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дІакъастийначу нехан цІераш хІорш ю: Асайпан кІентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхІу, Асар-Эла. Асайпан кІенташа цуьнан куьйгаллехь гІуллакх дора, ткъа Асайпа – паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора. Ядутунан кІентех вара: Гадал-ЯхІу, Зари, ЯшаІ-ЯхІу, ШамаІи, Хьашби-ЯхІу, Маттит-ЯхІу. Уьш ялх кІант вара. Царна тІехь куьйгалла а деш, церан дас Ядутуна Делера хаамаш бора, дечиг-пондар лакхарца Везачу Элана баркаллаш а олуш, Цунна хастамаш а беш. ХІайманан кІентех вара: Букъи-ЯхІу, Матан-ЯхІу, Іузиал, Шубиал, Еримати, Хьанан-ЯхІу, Хьанани, Эли-Ата, Гидалти, Румамти-Іезар, Йошбикхаша, Малути, ХІутир, Махьзиут. Хиндерг гуш волчу а, Делера хаамаш нуьцкъала беш волчу а паччахьан пайхамаран ХІайманан кІентий бара уьш берриш а. Вейтта кІант а, кхо йоІ а еллера Дала ХІайманна. Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цІийнан кертахь цІастанан негІаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гІуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХІайман а паччахьан куьйгаллехь вара. Шайн гергарчаьрца цхьаьна, Везачу Элана хьалха иллеш ала Іемина а, говза волу а ши бІе везткъе бархІ стаг вара уьш верриг а (288). Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тІулган цІенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш. Чоьхьарчу кертан а ков дара. Иза къилбаседехьарчу кевнна дуьххьал лаьтташ дара, малхбалехьарчу кевнах тера а дара. Цу стага цхьана кевнна тІера дуьххьал лаьтташ йолчу вукху кевнна тІекхаччалц йолу меттиг юьстича, иза бІе дол хилира. Чоьхьарчу кертан къилбехьа йолчу меттехь а дара ков. Цхьана кевнна тІера дуьйна вукху кевнна тІе кхаччалц йолу меттиг бІе дол яра. Къилбехьарчу кевнехула чоьхьарчу керта тІе валийра со цу стага. Цо къилбехьара ков а дуьстира. Цуьнан барам вукхеран санна хилира.
Выбор основного перевода