Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цІера тІехь даго деза. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Иштта цІестан итт юьхь-куьг дуьлург а яйтира цо. Царах пхиъ къилбехьа агІор, важа пхиъ къилбаседехьа агІор дІахІоттаяйтира, цу чохь дагоран сагІина деана дийнатийн дакъош цІандархьама. Ткъа цІестан боккха яй динан дайшна бинера, уьш цу чохь Далла гергахь цІанбалархьама. Делан цІенна гонах йолчу чоьнашна а юкъахь ткъа дол хиллал меттиг яра. Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагІанаш дохучу динан дайша уггар деза сагІанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагІанаш – кІен сагІа а, къинан сагІа а, гІуда такхаран сагІа а – хІиттор ду, иза еза меттиг йолу дела.
Выбор основного перевода