Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Левихо волу и виъ хьаькам тешам болуш вара. Уьш бара Делан цІенна уллохь йолчу чоьнашна а, хазнашна а гІарол дан дІахІиттийна. Хьузакх-ЯхІус, Везачу Элан цІийнан кертахь кхин а тІаьхьалонна сурсаташ чудохку чоьнаш кечъе аьлла, омра дира. Уьш кечйича, Делан цІенна тІехоьттина кхаа гІота тІехь агІонгара чоьнаш ткъе итт-итт яра. Делан цІенна гонах долчу оганна тІехь терхеш яра, агІонийн чоьнийн тІеш царна тІедахкархьама, и тІеш Делан цІийнан оганашна чу а ца диссош. Къилбаседехьарчу некъа тІехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гІишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тІе вигира цо со. Ткъе пхи эзар дол йохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а долу лаьттан дакъа Делан цІийнан керташкахь болх беш болчу левихойн долахь хир ду. Церан цигахь шаьш Іаш йолу гІаланаш хир ю. Ткъа Делан цІенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хІунда аьлча и кхечу къаьмнашна дІаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гІала хьоьшур ю.
Выбор основного перевода