Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дийнахь а, буса а гуламан четарна чуволлучохь Іийр ду шу ворхІ дийнахь, Везачу Эло бохург а деш, шаьш хІаллак ца хилийта. Иштта иза тІедиллина суна Везачу Эло». АхІаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. Уьш а, церан тІаьхьенаш а Везачу Элан цІийнан кевнехь гІарол деш бара (хьалха Везачу Элан цІийнан метта Делан четар дара). Цара хІора Іуьйранна а, суьйранна а дийнаташ дагоран сагІа а доккху, хаза хьожа йогІу хІума а ягайо, Далла гергахь цІанйинчу стоьла тІе моггІара бепиг охьа а дуьллу, хІора суьйранна дашочу стогарна чуьра къуьданаш а латабо. Цу тайпана вайн Везачу Дала тІедиллинарг оха кхочушдо, ткъа аша Иза дІатесна. Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тІулган цІенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш. Цигахь цхьа чоь яра, кевнан пенийн гІорторашна уллохула чувогІийла а йолуш. Иза динан дайша дийнаташ дагоран сагІина лерина долу хІума дуьлуш йолу меттиг яра. Ас уьш хІиттор бу Делан цІа лардан а, цІийнан керташкахь дан дезаш мел долу хІума дан а.
Выбор основного перевода