Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тІе воьдуш болчу ламин ворхІ тІегІа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Цул тІаьхьа цо со къилбаседехьа долчу кевнехула Делан цІенна хьалха схьавалийра. Со дІахьаьжча, Делан цІа хьаладуьзна долу Везачу Элан сийлалла гира суна. ТІаккха со бертал вуьйжира. Къилбаседехьа долчу кевнехула цо со ара а ваьккхина, арахьарчу новкъахула малхбалехьа дІадирзина долчу кевне валийра. Ткъа цигахь Суна гира, къилбера меллаша охьадогІу жима татол.
Выбор основного перевода