Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора агІонгара йолу чоь цхьа гІаж шуьйра яра. Чоьнашна юккъехь долу пенаш пхи дол дара. Ткъа кевнал тІехваьллачул тІаьхьа йолчу ученна уллохь долу неІсагІа цхьана гІожан барамехь шуьйра дара. Малхбалехьа дІадерзийна долчу кевнан хІора агІонгахь кхоккха жима цІа дара, уьш хІора а цхьана барамехь дара, шина а агІор йолу пенийн гІортораш санна. Кевнна чухула а, церан пенийн гІорторашкахь а массанхьа а дІакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гІорторана тІехь диллина хурма-диттан суьрташ дара. Цигахь а хІора агІонгахь кхоккха чоь яра, шен пенийн гІортораш а, шен уче а йолуш. Оцу кевнан барам, хьалхарчу кевнан санна, дохалла шовзткъе итт дол, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тІе воьдуш болчу ламин ворхІ тІегІа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара, хьалхалерчийн санна. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла – ткъе пхиъ.
Выбор основного перевода