Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара дола дан дезачунна юкъайогІура хІара хІуманаш: Делан тІорказ а, стол а, стогар а, кхерчаш а, четарна чохь гІуллакх дан леррина язйина пхьегІаш а, четаран уггар езачу чоьнна хьалха оьллина кирхьа а, иштта цаьрца боьзна болу белхаш бар а. Иштта, еза хІуманаш лар а е, сагІа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгІаз ца вахийтархьама. Цул тІаьхьа ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу Йоабан метта эскаран хьаькам вахийтира Сулим-паччахьо. Ткъа динан да волу ЦІадукъа Абу-ЯтІарин метта динан коьрта да хІоттийра цо. Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тІулган цІенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш. Цигахь цхьа чоь яра, кевнан пенийн гІорторашна уллохула чувогІийла а йолуш. Иза динан дайша дийнаташ дагоран сагІина лерина долу хІума дуьлуш йолу меттиг яра. Ткъа ахьа, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, Суна тІегІерташ болчу, ЦІадукъин тІаьхьенах болчу, иштта левихойн тайпанах болчу динан дайшна къиношна тІера сагІа даккха цхьа сту дІало. Ткъа левихойн тайпанах долчу ЦІадукъин гаранах болу динан дай, Исраилан халкъ Сох дІадирзинчу хенахь Сан еза меттиг ларъеш болу, Суна улло кхача безаш бу, Суна хьалха гІуллакх дархьама. Уьш Суна хьалха лаьтташ хир бу, Суна сагІанийн мохь а, цІий а доккхуш’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. И даздина латта хир ду, Делан цІа чохь гІуллакх деш болчу а, Далла гІуллакх дан Цунна тІе богІуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тІехь цара шайна цІенош дийр ду, иштта Делан цІенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь. Вайн сагІа доккху кхерч бу, цу тІера хІума яа бакъо яц кху дуьненахь долчу Делан цІа чохь гІуллакх деш болчеран.
Выбор основного перевода