Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа уьш, шайн тІемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дІаоьхура. Уьш Везачу Элан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дІахІиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тІехула яра. Делан Сино со, хьала а айина, Делан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Іазуран кІант Яъзан-ЯхІу а, БенъяхІун кІант Палти-ЯхІу а вара. Цо дохалла а, шоралла а юьстира арахьарчу кертан къилбаседехьа арадолучу кевнан. Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тІе воьдуш болчу ламин ворхІ тІегІа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Кевнна тІе воьдуш болчу ламин ворхІ тІегІа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Шинна а агІор лаьтташ гІорторан пенаш дара, шайна тІехь палма олучу диттийн суьрташ а долуш. Цу стага со малхбалехьа дІадерзийна лаьтташ долчу кевнна тІе вигира. Цул тІаьхьа цо со Делан цІенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неІсагІина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дІадоьдуш дара, хІунда аьлча Делан цІа малхбалехьа дІадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агІор йолчу агІонна кІелара арадолуш дара, сагІа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агІонгара.
Выбор основного перевода