Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дІахІотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама. Схьадалийначу бежанан коьрта тІе цу стага куьг диллича, и сагІа цу стеган метта Дала тІеоьцур ду, цунна тІера къинош дІадахархьама. Везачу Элана хьалха старгІина урс хьакха деза цу стага, цул тІаьхьа АхІаронан кІентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагІа доккхучу кхерчана массо а агІор тІетоха деза цу бежанан цІийн цинцаш. «ДІаала исраилхошка: „Нагахь цхьаммо ларамаза Везачу Эло тІедехкинчу парзашна дуьхьал къа латийнехь, я дан ца магош дерг динехь, цо кхочушдан дезарг хІара ду: ‘Нагахь Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас къа а латийна, и бахьана долуш халкъ бехке хиллехь, ша латийначу къинна цхьа а айп доцу къона старгІа ялае Везачу Элана сагІина лерина. Гуламан четаран неІарна улло а ялийна, Везачу Элана хьалха хІотто еза и старгІа. Динан дас, старгІин коьрта тІе куьйгаш а дехкина, юха цунна урс хьакха деза Везачу Элана хьалха. «Нагахь стаг, цхьа хІума гина я цунах лаьцна хезна, теш велахь, шена хуучух чІагІо е аьлча, цо иза ца яхь, тІаккха иза бехке ву, цо жоп дала деза. Стаг хьарам йолчу хІуманах дІахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дІахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву. Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цІена доцучу хІуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тІаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву. Ойла а ца еш, цхьа хІума дийр ду аьлла, чІагІо ян там бу стага. И хІума вон я дика хила мега – башхо яц. Стага ца хууш чІагІо яхь, амма цунна иза юха дагайоггІушехь цуьнан бехк хир бу. Нагахь санна стага оцу дийцинчех цхьа къа латийнехь, цо нахана хьалха даре дан деза шегара даьллачунна. Ша латийначу къинна, гІуда санна, цо Везачу Элана лерина сагІа даккха деза, уьстагІ я газа а ейтина. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду. Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гІуда такхаран сагІа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богІучу мехах болу а ка бало беза цо. «ХІара ду гІуда такхаран сагІанах лаьцна тІедиллинарг. Иза чІогІа деза сагІа ду.
Выбор основного перевода