Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора агІонгара йолу чоь цхьа гІаж шуьйра яра. Чоьнашна юккъехь долу пенаш пхи дол дара. Ткъа кевнал тІехваьллачул тІаьхьа йолчу ученна уллохь долу неІсагІа цхьана гІожан барамехь шуьйра дара. Малхбалехьа дІадерзийна долчу кевнан хІора агІонгахь кхоккха жима цІа дара, уьш хІора а цхьана барамехь дара, шина а агІор йолу пенийн гІортораш санна. Цул тІаьхьа цо цхьана чоьнан тхевнна тІера дуьхьаларчу чоьнан тхевнна тІе кхаччалц йолу меттиг юьстира, иза ткъе пхиъ дол хилира. Цу чоьнийн неІарш дуьхь-дуьхьал яра. Кевнан чуволучу меттигера ученна тІехьа йолчу меттиге кхаччалц болу барам шовзткъе итт дол бара. Кевнна чухула а, церан пенийн гІорторашкахь а массанхьа а дІакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гІорторана тІехь диллина хурма-диттан суьрташ дара. (Чоьхьарчу кертана чуйоьдуш йолчу ученийн барам, уьш юьстича, ткъе пхиъ дол яра, ткъа шоралла – пхи дол.)
Выбор основного перевода