Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кевнна чухула а, церан пенийн гІорторашкахь а массанхьа а дІакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гІорторана тІехь диллина хурма-диттан суьрташ дара. Цигахь а хІора агІонгахь кхоккха чоь яра, шен пенийн гІортораш а, шен уче а йолуш. Оцу кевнан барам, хьалхарчу кевнан санна, дохалла шовзткъе итт дол, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тІе воьдуш болчу ламин ворхІ тІегІа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Оцу кевнан агІонгара чоьнаш а, гІорторан пенаш а, уче а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Малхбалехьара ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра.
Выбор основного перевода