Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Везачу Элана дІахІотто дезачу цІийнан дехкина суьрташ тІехь долу кехаташ дІаделира Дауда шен кІанте Сулиме. Оцу кехаташна тІехь Везачу Элан цІенна гонах хир йолчу чоьнийн, кертахь хир йолчу гІишлойн, цуьнан чоьн-цІенойн, тІехула хир йолчу а, чухула хир йолчу а чоьнийн, адамаш къинойх цІандеш хир йолчу меттиган дехкина суьрташ дара. Везачу Элан цІа долчу далийра. Йигдал-ЯхІун кІант волчу а, Делан стаг волчу а Хьанан-пайхамаран мурдийн цІа чу балийра ас уьш. И чоь ЯхІуд-мехкан элий соцуш йолчу чоьнна уллохь а, иштта кевнан гІаролхо волчу Шалуман кІант МаІсей-ЯхІун чоьнна тІехула а яра. Малхбалехьа дІадерзийна долчу кевнан хІора агІонгахь кхоккха жима цІа дара, уьш хІора а цхьана барамехь дара, шина а агІор йолу пенийн гІортораш санна. Кевнийн шоралла цо юьстича, иза итт дол яра, ткъа церан дохалла кхойтта дол яра. ХІора чоьнна хьалха схьаеана меттиг яра, цхьа дол лекха а йолуш, ткъа вукху агІор и санна схьаеана меттиг яра. Цу чоьнийн хІора агІо ялх дол яра. Цул тІаьхьа цо цхьана чоьнан тхевнна тІера дуьхьаларчу чоьнан тхевнна тІе кхаччалц йолу меттиг юьстира, иза ткъе пхиъ дол хилира. Цу чоьнийн неІарш дуьхь-дуьхьал яра. Пенийн гІорторийн лакхалла юьстича, иза кхузткъа дол яра. Ткъа ков кертан пенан гІорторана тІекхаччалц гонах догІура. Кевнан чуволучу меттигера ученна тІехьа йолчу меттиге кхаччалц болу барам шовзткъе итт дол бара. Кевнна чухула а, церан пенийн гІорторашкахь а массанхьа а дІакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гІорторана тІехь диллина хурма-диттан суьрташ дара. Цигахь а хІора агІонгахь кхоккха чоь яра, шен пенийн гІортораш а, шен уче а йолуш. Оцу кевнан барам, хьалхарчу кевнан санна, дохалла шовзткъе итт дол, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. АгІонгара чоьнаш а, гІорторан пенаш а, ученаш а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе пхиъ дол дара. Оцу кевнан агІонгара чоьнаш а, гІорторан пенаш а, уче а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Малхбалехьара ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. Оцу кевнан а агІонгара чоьнаш а, гІорторан пенаш а, уче а яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла – ткъе пхиъ дол.
Выбор основного перевода