Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гІали чуьра араделира. Иза дедда Іариба-тогІи чу дІадахара. Оццу беттан пхоьалгІачу дийнахь (иза дара ЯхІу-Яхин-паччахь йийсаре вигначу пхоьалгІачу шарахь), соьга, динан да волчу Бузин кІанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира. Тхо Бавеле дІадигначул тІаьхьа уьтталгІачу шеран уьтталгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь со волчу Ярушалаймера кІелхьарваьлла волу цхьа стаг кхечира. Цо элира: «ГІала йоьжна!»
Выбор основного перевода