Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТІаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хІиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гІала, Делан цІенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дІавигира, эмгаралла хуьлуьйту цІу лаьтташ волчу. Исраил-мехкан лекхачу лам тІехь дІадугІур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тІехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ІиндагІехь Іийр ду. Бавел-мехкан паччахьо Белшацара куьйгалла дечу хьалхарчу шарахь Даниална вижначохь гІенах суьрташ дуьхьалхІиттира. ХІетахь и шена гина гІан, цуьнан маьІна а дуьйцуш, дІаяздира Даниала. Цул тІаьхьа, къемате ирча а, чІогІа онда а долуш, доьалгІа экха а гира суна буса дуьхьалхІиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагІий дІакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маІа а яра. Суна тІе Делан Са доьссича, малико со боккхачу, лекхачу лам тІе ваьккхира. Цигахь цо суна гайтира стигалара Дела волчуьра охьайогІу еза Ярушалайм-гІала.
Выбор основного перевода