Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІенна чохь кораш динера, уьш, чекх са а гуш, шу а болуш, къевлина дара. Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неІаран шина декъа тІехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хІуманна а деши диллира. Цигахь а хІора агІонгахь кхоккха чоь яра, шен пенийн гІортораш а, шен уче а йолуш. Оцу кевнан барам, хьалхарчу кевнан санна, дохалла шовзткъе итт дол, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра. Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тІе воьдуш болчу ламин ворхІ тІегІа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Кевнна тІе воьдуш болчу ламин ворхІ тІегІа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Шинна а агІор лаьтташ гІорторан пенаш дара, шайна тІехь палма олучу диттийн суьрташ а долуш. Къилбехьарчу кевнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, пенийн гІорторашна тІехь хурма-диттан суьрташ дара, ткъа кевнан ламин бархІ тІегІа а дара. Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агІор пенийн гІортораш яра, ткъа ламин бархІ тІегІа а дара. Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агІор пенийн гІортораш яра, ткъа ламин бархІ тІегІа а дара. каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара дехкина. ХІора хурма-дитт шина каруб-маликана юккъехь дара, хІора каруб-маликан шишша юьхь яра.
Выбор основного перевода