Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархошка хІунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тІера хьаькхна дІабаха а“. Хьайн оьгІазло дІа а яккхий, дохко а валий, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ. Амма Мусас элира Везачу Эле: «Ахьа шайна юкъара Хьайн ницкъаца хІара халкъ арадаьккхинчу мисархошна хезар ду иза, тІаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бІогІамна юккъехь, буьйсанна цІеран бІогІамна юккъехь вогІу а аьлла. Нагахь Ахь исраилхой цхьа стаг санна хІаллакбахь, Хьан сийлаллех лаьцна хезначу халкъаша эр ду: „Везачу Эло, Ша лур бу аьллачу махка тІе а ца дигаделла, яьссачу арахь хІаллакдина и халкъ“, – аьлла. Амма Цо уьш Шен цІе бахьана долуш кІелхьарбехира, царна Шен нуьцкъалалла дІагайтархьама. Аса Сайн дуьхьа до иза – Сайн цІе емалйойтур яц Ас, Сайн сийлалла цхьанна а дІалур яц». Ткъа хІинца хІун ду Сан кхузахь? – хоьтту Везачу Эло. – Мах а ца луш, йийсаре дІадигна ду Сан халкъ, ткъа цуьнан куьйгалхой угІуш бу, – боху Везачу Эло. – Дерриг а дийнахь Сан цІе емалъеш лаьтташ ю. ТІаккха Ас сагатдайтира Сайн еза цІе бахьана долуш, Исраилан халкъо сийсазъяьккхина йолчу. Цундела дІаала Исраилан халкъе Хьалдолчу Эло бохуш дерг: „Хьан дуьхьа дийр дац Аса иза, Исраилан халкъ, амма шаьш арадевллачу къаьмнашна юкъахь ахьа сийсазъяьккхина йолу Сайн еза цІе бахьана долуш дийр ду.
Выбор основного перевода