Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Ас чІагІо йина, шуна таІзар дечу Мисарара канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе, шу дІадига’“. Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тІе дІадуьгуш ду. Оцу лаьтта тІехь татолаш, Іемаш а, шовданаш а ду, тогІешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу. Оцу лаьтта тІехь кІа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. Оцу лаьтта тІехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хІуманна тІехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цІаста доккхур ду. Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агІор сийлахьчу Паччахьан гІала ю. Ахьа царна хІара латта а делла, церан дайшна лур ду аьлла Айхьа чІагІо йина долу. И токхе латта шуьрех а, мазах а дуьзна ду. Царах йолчу цхьана маІана тІе кхин цхьа жима маІа елира. Иза къилбехьа а, малхбалехьа а, «къаьсттина хазачу махкахьа» а чІогІа дІасаяьржира.
Выбор основного перевода