Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Іаш болчу хенахь, Со дагавогІур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дІадовларна а, церан бІаьргашца цІушна тІаьхьахІиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хІуманаш а, шаьш мел дина дегаза гІуллакхаш а бахьана долуш. ТІаккха хьуна айхьа дІакхехьна некъаш дагадогІур ду. И некъаш бахьана долуш хьуна эхь хетар ду, Ас хьол баккхий а, хьол жимах болу а йижарий – Седам а, Шамран а, – хьуна йоІарий санна дІалучу хенахь. Иза вай бинчу бартана юкъадогІуш дацара, амма Ас иза дийр ду. Со Сайн метте дІагІур ву, шаьш бехке хиларх а кхетта, Сан юьхь цара схьалаххалц. Хала киртиг шайна тІехІоьттича, Со леха уьш арабевр ма бу». Ткъа Даудан цІенна а, Ярушалайм-гІалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доІанийн са шортта тІеІанор ду Ас. ТІаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тІера санна, уьш гІайгІане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гІайгІане хиларе терра.
Выбор основного перевода