Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тІаьхьенах болчарна тІе айдинчу куьйгаца Аса чІагІо а йора, царна Со дІа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›. Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тІе дІабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе.
Выбор основного перевода