Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас бохург цаьрга дІаала, цара ладогІахь а, ла ца догІахь а. Уьш аьрха нах ма бу. Амма нагахь санна бакъахьа лелаш верг ша дІахьочу некъа тІера валахь, иза вонаш дан волалахь, зуламхочо ма-леллора, вехар вуй ткъа иза? Цо мел дина дика лорур дац. Суна тешаме ца хиларна а, ша къинош леторна а, и стаг лийр ву. Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дІасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дІасакхуьссур а бу. Шаьш цхьа а кхерам а боцуш машаре даха хевшича, уьш юьхьІаьржачу хІиттина лелар а бу, Суна шаьш схьагайтина долу шайн тешаме цахилар а лелош. Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха».
Выбор основного перевода