Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун бІаьргашна гир-кх, шун Везачу Дала ПаІор-ломахь мел динарг. БаІал-ПаІорна тІаьхьа мел хІоьттинарг шун Везачу Дала, хІаллак а вина, шуна юкъара дІаваьккхина. Ткъа шу, шайн Везачу Делах дІакхеттарш, дерриш а таханлерчу дийнахь а дийна дисина. Сан Везачу Дала сайна тІедиллина ма-хиллара, Цуьнан парзаш а, тІедехкинарш а довзийтина ас шуна, шайн дола баккха шу тІедоьлхучу оцу махкахь шуьга и хьехамаш кхочушбайтархьама. Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хІунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дІахезча, цара эр ду: „ЭхІ, хІара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“ Нагахь санна, шун бераш а хилла, шун берийн бераш а хилла, оцу махкахь шу дуккха а Іан дахкахь, шу, цхьаннан вастехь цІу-делан сурт а дина, талха мегара. И дарца аша шайн Везачу Далла хьалха вон дийр ду, тІаккха Иза дарлур ву. КхидІа ЮшаІа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цІена а, даггара а Цунна Іамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Іачу хенахь шайн дайша Іамал йина деланаш дІа а тасий, Везачу Элана бен Іамал ма е. Ас царна тІедиллинера, шайна хьалхара боьха цІуш дІабаха, шаьш мисархойн цІуш бахьана долуш ма бехде аьлла, хІунда аьлча Со церан Веза Дела ву! Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тІера а, шайн зуламечу гІуллакхашна тІера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугІура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, – боху Везачу Эло. Хаалаш, телхина дІадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргІато, шун дайх дисинчу гІийлачу дахарх шу мукъадохуш,
Выбор основного перевода