Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъан цхьа дакъа Бавеле дІадигначул тІаьхьа йолхалгІачу шеран йолхалгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь, со сайн цІа чохь хиъна Іаш а волуш, суна хьалха хевшина Іаш яхІудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тІе. Цу суьрташна хьалха лаьтташ вара Исраилан халкъан кхузткъе итт къано, ткъа царна юкъахь Шапанин кІант Яъзан-ЯхІу а вара. ХІораннан а карахь хаза хьожа йогІу хІума чохь ягош йолу ной а яра. Цу нойш чуьра хьалаоьхуш сегІазах йогІу хаза хьожа яра. ТІаккха Цо элира: «Адаман кІант, гой хьуна Исраилан халкъан къаноша боданехь, шайн-шайн цІушна лерина йолчу меттехь, дийриг? Цара хІораммо а ша-шега боху: „Тхо Везачу Элана гуш дац, Веза Эла хІокху махка тІера дІавахана“». я воккха стаг а, я жима стаг а, я йоІ а, я нана а, я бер а. Хьаж тІехь билгало йолчу цхьана а стагах шу дІа ма хьакхало. Иза хІокху Сан цІенна тІера дІадоладе». ТІаккха цара и хІума Делан цІенна хьалха Іаш болчу къаношна тІера дІадолийра. Исраилан халкъан масех къано веара со волчу. Уьш соьга бистхилархьама охьахевшира.
Выбор основного перевода