Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкахь Іан цига дІабаханчу яхІудхойх дийна бисинчарах цхьа а кІелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхІуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Іожаллех кІелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цІа воьрзур вац“». Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таІзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цІераш Исраилан халкъана юкъахь дІаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богІур бац. ТІаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла. – Ас, омра а дина, Исраилан халкъ массо а халкъашна юкъахь дІасадаржор ду, цецана чу дожош долу буьртигаш санна, амма царах цхьа а вониг лаьтта ца бужу. Сан халкъана юкъара къинош летийнарш берриге а туьрах хІаллакьхир бу, цара бахахь а: „И бохам тхох хьакха а лур бац, тхуна тІе а богІур бац“». «Ткъа Адамийн КІант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гІанта тІе. ТІаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаІуьно уьстагІий гезарех санна, дІасакъастор ду.
Выбор основного перевода