Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Шаьш хьалха Іийначу Мисар-махкахь хилларг а, хІинца Ас шаьш дуьгучу КанаІан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тІе ма эцалаш. Шуна хууш ма ду, Мисар-махкахь вай муха даьхна а, шу чекхдевллачу халкъийн мехкашна юккъехула вай муха чекхдевлла а. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хІинца чул тІаьхьа шайн Везачу Делах дог дІа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гІуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хІума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дІаьвше а орам. Йордан-хих дехьа а девлла, Ерихоне даьхкира шу. Ерихонан бахархой шух летира. Уьш бара эмархой, перезахой, канаІанхой, хьетахой, гІиргІашахой, хьаьвихой, явсайхой. Амма Ас шун кара дІабелира уьш. ДІадаха шайна уллора шаьш летийна долу къинош, хийцадалийта шайн дегнаш а, шайн синош а. Хьо дала хІунда деза, Исраилан халкъ?
Выбор основного перевода