Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дукха хенахь дуьйна Тупат цІе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цІе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кІорга а, шуьйра а ю. Цу цІерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза. Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгІазло а, дералла а хІокху меттигна тІе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тІе, иштта дитташна а, ялтина а тІе. Сан дералла цІе санна йогур ю, ткъа иза дІаяйа стаг а хир вац». Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догІахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цІе латор ю. Аса кху гІалахь мел йолу гІепаш ягийна дІайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дІаяйа йиш хир яц’“».
Выбор основного перевода