Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан парзаш а, Ас тІедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву. Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ иштта нийса парзаш а, тІедехкинарш а шен долу, тахана ас шуьга дІакховдош дерш санна? Цул тІаьхьа Хьо Синай-лам тІе охьавоьссира. Стигалара охьа къамел дира Ахьа цаьрца. Царна нийса тІедехкинарш а, бакъболу товрат-хьехамаш а, дика парзаш а, весеташ а дІаделира. Хьайн дезачу шоьтан дийнах лаьцна а хьехам бира Ахьа царна, иштта весеташ а, парзаш а, товрат-хьехам а тІебиллира Хьайн ялхо волчу Мусагахула. Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». Муса-пайхамаран товрат тІехь долчу бакъахьарачу гІуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тІехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».
Выбор основного перевода