Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас. Амма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чІагІо йо ас, Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгІначу нахана, Ас церан дайшна чІагІо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дІа мел тесначарна а гур дац иза. Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера, гІийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь. Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга, Шен йоІбІаьрг санна, Іалаш а дора. Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тІедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дІа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чІогІа сийсаз а дохура. ТІаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тІе йоссо, уьш хІаллак а беш. Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тІедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТІаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тІе Сайн дералла охьаІано а, цаьрга Сайн оьгІазалла кхачийта а. Амма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дІасадаржийна хилла. И дерриг вайна масална хилла дара, вайн а, церан санна, вониг дан лаам ца хилийта. Вайн дайх цхьаберш санна, цІушна Іамал еш ма хилалаш. Делан Йозанаш тІехь царах лаьцна яздина ду: «Адамаш яа а, мала а охьахевшира, тІаккха шайн самукъадаккха хьалагІевттира уьш». Царах цхьаболчара лелийнарг а лелийна, сийсаза ма довла вай! Оцу цхьана дийнахь царах ткъе кхо эзар стаг хІаллакьхилира. Дела зе а гІоьртина, лаьхьарчаша байина болу царах цхьаберш санна, вай а ма гІерта Дала леррина Къобалвинарг зе. Инкарлонаш йинчу царах цхьаболчарах ма тарлолаш – уьш мулкалмото хІаллак ма бина.
Выбор основного перевода