Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, шоьтан де ларде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гІаланашкахь ваха тІевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хІунда аьлча шу санна шун лено а, гІарбашо а садаІа деза. Диц ма делаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла хилар, ткъа шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца а, Шен дІакховдийначу пхьаьрсаца а шу арадаьхна хилар. Цундела шоьтан садоІу де лардан шуна тІедиллина шун Везачу Дала. Ас шайна делла долу шоьтан денош дІакъастаде, царах Суна а, шуна а юкъахь йолу билгало хилийтархьама а, Со шун Веза Эла хилар цаьрга шуна дагадаийтархьама а›.
Выбор основного перевода