Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара шайн бераш цІерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора цара, Иза оьгІаз а вохуьйтуш. Бен-ХІинам-тогІи чохь хаза хьожа йогІу хІума а ягайойтура, шен кІентий цІерах чекх а бохуьйтура Ахьаза, Везачу Эло исраилхошна юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш а лелош. Бен-ХІинам-тогІи чохь цара БаІална лерина сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а Мулка-харцдалла сагІина дІабалархьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Иза бахьана долуш цара ЯхІудан халкъе къа латадайтира». Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. „Айхьа Суна бина болу кІентий а, мехкарий а ахьа, схьа а эцна, царах хьайн харцделанашна сагІа даьккхира. Иштта, хьан Суна тешаме цахилар тоьуш а доцуш, Сан кІентий, цІерах чекх а бохуьйтий, байъа а бойъий, хьайн цІушна сагІина дІалора ахь. Шайн сагІанаш цІушна а дохуш, шайн бераш цІерах чекх а дохуьйтуш, хІинцалерчу денна тІекхаччалц аша Суна хьалха шаьш бех ма до. Аса хьо Сайх дагадолуьйтур ду ткъа, ва Исраилан халкъ? Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – Аса шу Сайх дагадовлуьйтур ма дац!’“»
Выбор основного перевода