Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И чечакхаш шуна дІагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дІадерзош болчу шайн дегнийн а, бІаьргийн а лаамашна тІаьхьа шу ца хІиттийтархьама а. Церан дегнаш Цунна тІедирзина дацара, Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара. Сан Дала дІатоттур ду и халкъ, цо Шега ла ца доьгІна дела. Къаьмнашна юкъахь кхерсташ, доладелла лелар ду иза. Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш даха ма ца дийзира хьан!
Выбор основного перевода