Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара шайн кІентий а, йоІарий а жинашна сагІина дІалора. Цара бехк боцу цІий Іанадора, шайн кІентийн а, йоІарийн а цІий, уьш канаІанхойн цІушна сагІина дІа а луш. Церан цІий бахьана долуш латта бехдира цара. Цара шаьш бехдира шайн гІуллакхаш бахьана долуш, Далла тешаме ца хилира шайн сийсаза лелар бахьана долуш. Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. «Адаман кІант! ХІара нах шайн дегнаш чохь цІушна тІебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бІаьргашна хьалха дІа а хІоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас? „Айхьа Суна бина болу кІентий а, мехкарий а ахьа, схьа а эцна, царах хьайн харцделанашна сагІа даьккхира. Иштта, хьан Суна тешаме цахилар тоьуш а доцуш, Сан кІентий, цІерах чекх а бохуьйтий, байъа а бойъий, хьайн цІушна сагІина дІалора ахь.
Выбор основного перевода