Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. церан тІаьхьенаш кхечу къаьмнашкахула дІасаяржо а, уьш хийрачу мехкашкахула дІасакхисса а. Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дІахІоттор ю Аса Ярушалайм, яхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун кІанта Маннаша динарг бахьана долуш.
Выбор основного перевода