Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даха а гІой, шаьш хаьржинчу деланашка гІо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кІелхьара». Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! ХІунда аьлча Аса кхоьллина долу шен бераш шена гича, Якъубан тІаьхьено еза лорур ю Сан цІе. Якъубан Веза Дела цара веза лорур ву, Исраилан Далла хьалха уьш ларамах буьзна хир бу. Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Аша а, шун зударша а шаьш шайн багахула схьааьлларг шайн куьйгашца чІагІдина. Аша боху: ‘Стигаларчу зуда-паччахьна цІеран а, чагІаран а сагІанаш дийр ду аьлла йолу чІагІо оха билггал кхочушйийр ю’. Шаьш делла дош дан ма-дезза кхочушде! Шаьш йина чІагІонаш билггал ларъе! Амма ладогІалаш Везачу Элера болчу хааме, Мисар-махкахь мел бехаш болу яхІудхой: ‘Сайн сийлахьчу цІарах Ас чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – массанхьа а Мисар-махкахь вехаш волчу цхьана а яхІудхочо кхин цкъа а Сан цІарах чІагІо йийр яц, ‹Дийна волчу Хьалдолчу Элах чІагІо йо ас› – бохуш Суна дуьхьал а бовлуш, кхин а иштта хІуманаш дора цара: оццу хенахь цара Сан еза меттиг бех а йора, Суна лерина шоьтан денош сийсаз а дохура. Шайн бераш шайн цІушна сагІина даьхьначу дийнахь, цара Сан еза меттиг, чу а бовлий, сийсазйоккхура. Иштта лелара уьш Сан цІа чохь. «Дуьйло, къинош летаде, Бетал-гІаларчу езачу метте дІа а гІой. Шайн зуламаш алсамдаха Галгалехь а. Шайн дийнаташ дагоран сагІанаш даха хІора Іуьйранна, ткъа кхо де мосазза долу, шайн ялтех уьтталгІа дакъа дІало.
Выбор основного перевода