Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХІордан хьал хьан карадогІур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тІе доьрзур ду. Цуьнга са ма даІийта, Цо Ярушалайм юхаметтахІоттаяллалц, цунах Цо дуьненан сийлалла яллалц. Адаман гІодаюккъехь доьхка чІогІа дІадехкаре терра, Аса Исраилан а, ЯхІудан а ерриге а тІаьхье Сайна чІогІа улло ялийнера, – боху Везачу Эло, – царах Сайн къам дархьама, уьш Сан сийлалла а, дозалла а, хазалла а хилла дІахІиттийтархьама. Амма цара Соьга ла ца дуьйгІира».
Выбор основного перевода