Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а Суна хьалха кхочуш ца хуьлуш сецнехьара, – боху Везачу Эло, – Исраилан тІаьхье гуттаренна а Сан халкъ хуьлучуьра дІаер яра». Везачу Эло иштта боху: «Лакхахь йолу стигалш юстур бен яцахьара, лахахь болу лаьттан бух толлур бен бацахьара, Аса Исраилан массо а тІаьхье дІатоттур яра цара мел лелийна хІума бахьана долуш», – боху Везачу Эло. ХІинца дуьйна, латта мел ду, цу тІехь ялта дІадер а, хьакхар а, шело а, йовхо а, аьхке а, Іа а, де а, буьйса а хийцадалар соцур дац». Иза хир ю абаденналц дІахІоттийна болу а, стигалшкахь тешаме теш болу а бутт санна». «Суна иза Нохьин деношкахь санна ду. Цу хенахь Ас чІагІо йира, кхин цкъа а лаьтта тІе Нохьин хиш дер дац аьлла. ХІинца Ас чІагІо йо кхин хьуна оьгІаз ца ваха а, бехкаш ца даха а.
Выбор основного перевода