Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Ас машар хоьцур бу шуна тІе, догІу хи санна, халкъийн хьал схьахоьцур ду, хи тІедаьлча догІу татол санна. Шу декхар а ду, карахь а лелор ду, голаш тІехь хьоьстур а ду. Аса хьуна могушалла юхалур ю, хьан чевнаш а тойийр ю, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча хьан мостагІаша боху: „Цийон юхатеттина ма ю, цунах цхьаммо а гІайгІа ма ца бо“». Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хІара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар, эсала хилар, чуьра ца валар. Ишттачу леларна дуьхьал цхьана а бакъонаша а вониг дойла дац.
Выбор основного перевода