Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулиман назма. Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Іамадехьа, ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа. Хьан адамашна тІехь нийса паччахьалла дойла Цо, ур-атталла гІело хьоьгучу Хьан нахана тІехь бакъдолу олалла дойла Цо. Лаьмнаша адамашна беркат дохьийла, гунаша царна нийсо йохьийла. Халкъана юкъара гІело хьоьгучарна цо нийсонца кхел а йойтийла, мискачун кІентий цо кІелхьар а бохийла, амма ницкъ бийраш цо дІа а совцабойла. Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла, малх а, бутт а мел лаьтта, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка. Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. ЛадогІал, коьрта динан да волу ЮшаІ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Іаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зІийдаг.
Выбор основного перевода