Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен накъосташна а, шамранхойн эскархошна а хьалха цо элира: «ХІун деш бу кхузахь и сий доцу жуьгтий? ХІара гІала юхаметтахІотто билггал ойла йолуш бу уьш? Царна шаьш сагІанаш дохур ду моьтту те? Царна шаьш и болх сиха бина девр ду моьтту те? Цаьрга чимашна а, хоттана а юккъера тІулгаш денлур ма дац!» Санбулатаца цхьаьна волчу Іамминхочо ТІуби-ЯхІус элира: «Жуьгташа меттахІоттош ерг хІун ю? Жима цхьогал тІедаьлча а, бухур болуш ма бу церан пен». Аса, Деле доІа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дІахазахьара Хьуна тхан доІанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хІонс санна, йийсаре а бигна, юьхьІаьржачу хІиттабехьа уьш! Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагІаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яІ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“.
Выбор основного перевода