Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда бо ахьа Везачу Элан цІарах хаамаш, хІокху Везачу Элан цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду, хІара Ярушалайм-гІала йохийна а, яссийна а дІахІоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь дІахІоьттира, Ярми-ЯхІуна дуьхьал а даьлла. ХІинца оцу махках наха иштта олу: „И мохк бассабелла бу, кху тІехь я адамаш а, я хьайбанаш а дац, хІунда аьлча иза хашадхойн кара дІабелла бу“. Делахь а, хинйолчу хенахь оцу махкахь кхаш кхин а оьцур ду. Ас омра дийр ду, – боху Везачу Эло, – уьш и гІала йолчу юхабахкийта. Цара, тІе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цІарца ягор а ю. ЯхІуд-махкара гІаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“».
Выбор основного перевода