Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна. ГІайгІанехь Со цуьнца ву. Ас иза паргІат а воккхур ву, цуьнан сий а дийр ду. Хьуна хезна и дерриг а, хьажал цу тІе! Ахьа тІе ца лоцу иза? ХІинца дуьйна Ас керлачу хІуманех лаьцна дуьйцур ду хьуна. Ас йовзуьйтур ю хьуна хьалха ца евзина йолу къайленаш. Шу Соьга кхойкхуш, доІанаш деш, Со волчу догІучу хенахь, Аса шуьга ладугІур ду. «Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хІума а дац. «Ярми-ЯхІу, Со – Веза Эла ву, массо а адамашна тІехь Дела волу. Соьга далур доцуш цхьа хІума дуй те?»
Выбор основного перевода