Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна уллохь хилар лоьхуш долчу Сан халкъан дуьхьа уьстагІийн дежийла хир ю Шарон-аре, ткъа бежано садоІу меттиг хир ю Іахур-тогІи. ЯхІуд-махкахь кхин цхьаьна Іаш хир бу гІаланийн нах а, ахархой а, жаш дажош болу жаІуй а. Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тІехь а, ГалІадехь а дузур ду. Шен дІасадаржийна долчу уьстагІашка Іу ма-хьажжара, хьожур ву Со цаьрга. Ас уьш паргІатдохур ду Іаьржачу кхоьлинчу дийнахь уьш дІасадаржийна хиллачу меттигашкара. Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тІе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Іоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Іалашбийр бу Ас уьш. Аса дикачу бай тІехь Сайн уьстагІий дажор ду, ткъа Исраил-мехкан лекхачу лаьмнашкахь царна дежийлаш хир ю. Цигахь уьш дикачу дежийлашкахь садоІуш хир ду, ткъа Исраил-мехкан лаьмнашкахь, токхечу бай тІехь, уьш дежаш а лелар ду.
Выбор основного перевода