Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Доккхачу а, кегийчу а даьхних дерриге а уьтталгІа дакъа Везачу Элан долахь ду. Іуьнан коьжалгана кІел лелачу даьхних хІора уьтталгІаниг Везачу Элана дІакъастийна хила деза. ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашкара а, Ярушалайм-гІалина гонахарчу ярташкара а, Бен-Яманан тайпанан махкара а, малхбузерчу акъарера а, лаьмнашкара а, ЯхІуд-мехкан къилбехьара а дийнаташ дагоран сагІанаш, кІен сагІанаш, хаза хьожа йогІучу хІуманийн сагІанаш, баркаллин сагІанаш Делан цІа долчу схьадахьар ду. «Мила ву шух, шайн бІе уьстагІ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц? Ков лардеш волчу стага цунна ков дІадоьллу, ткъа уьстагІаша цуьнан озе ла а дугІу. ТІаккха, шен уьстагІийн цІераш а йохуш, уьш арадоху цо.
Выбор основного перевода